Чонга-иччархо Туьйра. Сказка на чеченском языке для детей - Вахит Хаджимурадов

Чонга-иччархо Туьйра. Сказка на чеченском языке для детей

Жанр: Сказки

Страниц

5

Год

2025

Жила-была в зелёном лесу крошечная муравейка по имени Чонга. Она была очень настойчивой и всегда стремилась к приключениям. Каждый день, усердно трудясь, Чонга собирала семена и строила свой домик. Однако однажды ее внимание привлекла сказочная история о смелом муравье, который стал ловким охотником, преодолевая все трудности на своем пути.

Чонга решила, что хочет стать такой же смелой и ловкой. Она начала изучать повадки лесных животных, училась, как передвигаться быстро и незаметно, чтобы поймать свою добычу. Каждый день она сталкивалась с новыми вызовами: порой её поджидали раскидистые ветви деревьев, порой – лужи с водой, но упрямство и стремление к целям помогали ей преодолевать любые преграды.

С каждым днем Чонга становилась всё более опытной. Она не только училась охотиться, но и находила друзей среди других лесных обитателей. Маленькая муравейка обретала уверенность в своих силах и понимала, что упорство и преданность своему делу делают её настоящим охотником.

Со временем Чонга не просто собирала еду для себя, но и делилась ею с другими муравьями. Она стала героем своего муравейника, показывая всем, что даже самые маленькие создания могут достигать великих целей, если не перестают верить в себя. И, конечно же, никто не станет сомневаться в том, что самыми стойкими и смелыми сердцами являются те, кто стремится к своей мечте с упорством и решимостью. Так маленькая Чонга стала символом стойкости в своём лесу, вдохновляя всех вокруг!

Читать бесплатно онлайн Чонга-иччархо Туьйра. Сказка на чеченском языке для детей - Вахит Хаджимурадов


Туьйлигчуьра, мог1а а нисбина, арадуьйлуш, лаха охьаоьхуш дара зингаташ. Ц1ийбелла малх хьалакъеддера, цундела зингаташ-иччархой сихонца новкъабовлуш бара. Малх суьйренга г1ортталц лелара уьш, адамашна гондхьа а инзаре лекха хьаннаш санна, шайна яккхий хетачу бецашна, ярашна юккъехула. Иччархоша туьйлиг чу баккхийчарна а, кегийчарна а, елла арахь йисина чуьрк йохьий а, мелла а шайла и онда белахь а, белла я лазийна моза бохьий а, цхьа ижу ц1а йохьура. Таллархоша, мел генара а аре толлий, лахьадой, цхьацца даамегаш долу х1уш а, ц1азамах доккхий дакъа а, мангал-комаран буьртиг а – ца йохьуш х1ума ца юьсура. Иччархой туьйлигах уггаре а онданаш хоржий хуьлура. Т1екхуьуш долу чкъор, кегий зингатий а, хьуьлура, шадерш бохург санна. Царех тардала г1ерташ а, даккхий хилча цаьрца цхьана мог1аре х1итта лууш а.

Чонга ц1е йолу кхиина дог1у жима стаг-зингат. Царех хьоьгуш, т1аьхьа хьоьжура иччархошна х1ора 1уьйранна. «Хьуна х1инца а хьалхе ду Чонга! Хьан хан а кестта т1екхочур ю, к1еззиг сатоха», – олура цуьнга туьйлиган баьччас. Ткъа мел хала дара Чонгин жимачу дагна сатоха. Цунна г1енах а т1ехь гора шех иччархо хилла, ша лаьцна массарел а йоккха чуьрк йохьуш, ша ц1а дог1учу хенахь. Тахана а, садаьржинчу хенахь. Чонга иччархошца араиккхинера, шен талла даха дезаш санна. Дукха лаьттира иза, даккхий синош а дохуш, бецашлахь къайладуьйлучу иччархойн тобанашка а хьоьжуш. Цкъа-м, ша х1ун леладо а ца хууш, царна т1аьхьадоладелира Чонга, амма генна дехьолаьттачу шен къеначу дадас човхийча, юхадерза дийзира цуьнан. Делахь а, иччархой новкъабаха т1аьхьабевллачаьрца шен дада гича, Чонга саца ца делира. Цхьажимма дехьа а даьла, иччархоша х1ун до а хьаьжна, туьйлиге юхадоьрзура ду ша аьлла, т1аьхьадоладелира иза царна. Иччархошна ша гарна кхоьруш, кест-кеста бецан г1ашлахь хьуллуш, т1аьхьаоьхура иза. Чонгин ойла д1алаьцнера некъо. Сиха дицделира цунна ша ц1ехьа дерза дезаш хилар а. Иза дукха гена даьллера туьйлигна. Чонга иччархойх хьулделла 1ашшехь, уьш а къайлабевлира кеста. Дикка доьхна хьийзара Чонга х1инца. Хьалхарниш къайлабевллера, ц1ехьа боьду некъ а бацара карош. Лекхачу г1а т1е а даьлла, туьйлиг йолу аг1о билгалъяккха г1оьртира Чонга. Амма цунах г1уллакх ца хилира, иччархошца цхьаьна талла даха лууш делахь а, иштта ша цхьаъ бецашна, къухашна юккъехь диса лууш ма дацара жима Чонга. Хаъал дагчу кхерам а тесна, доьхна хьийзара иза. «Ванах, уггаре лекхачу бецан буьххье а даьлла, чуьра ма-боллу, «Орца дала! – аьлла, мохьтоьхча х1ун дара техьа?», – дагчу иккхира Чонгира. Иза лекха суг1-бецана буьххье делира, амма деганкуралла, и ойла сиха эккхийра яхь йолчу Чонгас: «Талла дахалууш ма дара со, х1инца меттиг бели-кх суна, иччархошна а, туьйлигехь 1аш-бехачарна массарна а сайн ницкъа гайта, со доккха хиллий хаийта», – бохуш, ойла йора Чонгас.