Дуьххьара де дара каникулаш йолаелла! Мента х1инца йоьалг1а класс чекхъяьккхина ваьллера. Шуна ма мотталаш, х1ара школе оьхуш хазахеташ вац, йа дешан ца лууш ву. Ментин цхьаъ а «кхоъ» дацара йоьалг1а классехь! Делахь а, каникулаш т1еяьхкиний: б1аьсте, аьхке эрана д1аяхийта оьшуш ма даций. Малх мел хаза къежара, эвла йисттера Марта мел хаза лепара, Ментин накъостий мел реза бара каникулаш эрна д1а ца яхийта. Х1ан, вуьйцуш лаьтташехь вог1уш ву хьуна царех шиъ: Довтий, Масий.
– Ахьа бохура Мента х1инца а г1аьттина хир вац, х1ара лаьтташ верг мила ву! – Ментина хазийта г1ерташ элира Масас.
– Аса-м ца элира и г1аьттина хир вац, вижина а хир вац и бохура аса, шен фантастика йоьшуш, – д1адерзийра Довтас.
– Аша шимма х1ун леладо са а тасалий волавелла лелаш? – бегаш бира Ментас.
– И дитийша, дан х1ун до вай, х1окху хазачу дийнахь? – хаттаран хьаьрк хилира дош сиха Маса.
– И х1ун ду, х1ун до вай бохург! Х1окху шарахь Мартана чохь лийча ваьхьинарг мила ву? – элира, даима а дов дагахь волчу Довтас.
– Х1утосург беттан юккъе а ца бахача, хьалхе ду. Дац ткъа? – Масига г1о доьхуш хьаьжира Мента, доттаг1ашна ша кхеравелла моьттуш.
Х1ора шарахь болар сиха Марта б1аьстенан юьххьехь шен аьрха амал йовзитуш массийтаза дистина дог1ура. Баккхийнарш а ларлуш, кегийнарш а ларбеш шай ма хуьллу 1алашбеш кхерамен дара аьрха Марта. Бумтане жимма хьалаваьлча гена доцучу лаьмнаша шайн букът1ера лайш дешначу юкъахь гойтура Марта х1ун экха ду! Орамашца бухах дохуш пепнаш чутекхош, бердаш чу херцош, дуьхьала дала цхьа х1ума доцуш, охьахецалора Марта! Амма б1аьста йовхоне йирзича, лаьмнашкара лайш дешина а девлла зезагаш лепаш полларчашца ловза девлича, Марта а шен амалца хийцало. Ша адамашна бинчу цатамана бехке доьдий, хьасталой, сирлачу тулг1еца эшаре доьрзу. Амма лаьмнашкахь лайх мотт хьоькхуш йакхийна кхиина Мартана тулг1еш сихачу боларца аренга хьаьдича а лайн чомехь хуьлу. Къоначу мартанхойн оцу ша санна шийлачу тулг1ешца къовсуш чахчайо юьхьенца къонах кхиавеш йолу амал.
Мартанан сийлахь тог1и! Хийла бералла гина хьуна, хийла к1ентий кхиина оцу тог1и чохь: Мартана йистехь, Мартана сирла тулг1еш хьоьстуш, буьрсачу буру хьийзочу айманашца къуьйсуш.
– Со-м вухавоьрзура вац оцу шийлачу Мартана чохь лийча а ца луьйчуш! Суна т1аьхьах1отта ша майра вериг! – ц1ог1а хьаькхира Довтас!
Къовсам – дуьненахь шаболчу боламан юьхьиг! Бераллехь дуьйна къанале кхаччалца къовсамехь ду адам. Къовсамехь тоьлларг ву адмашлахь лоруш верг, вевзаш верг. Вовшен т1аьхьа ца виса г1ерташ кхо к1ант д1ахьаьдира Мартанан тог1и чу боьдучу готтачу урамехула татолана уллохула. Ган еза Мартанан тог1и, цуьнан чам баккха: берийн ловзарш, хин тулг1еш зезагашца, бецашца ийбача бен хила йиш яц и чам. Кестта гучубелира Мартанан берд, лахахь шуьйра тог1и, тог1и йоькъуш Мартанан керчаш тулг1енийн аса. Бераш бердайистехь цхьана минотана севцира оцу дуьненан 1аламан суртан мах хадон. Амма сихонца д1аийра оцу дуьненан ялсманийца цхьа басарш хилла. Зевне декачу Мартанан тулг1ешка а, церан серло-м берийн б1аьргашна чохь гора, амма къовсаме девллачу берашна х1инца мехалла дериг цхьаъ дара – толам. Ткъа толам цхьатера ницкъа болчу къовсамхошкахь товш бу: кхузахь дерш пхоьалг1а классе девла бераш – х1инца амал машарен т1ег1ане ерзонза даьржинчура юхадерзанза буьрса Марта! Дуьхь-дуьхьала нисбеллера юхабевра боцу къовсамчаш: Довта, Маса, Мента – вукху аг1ора – Марта.